Диъ шо кхаьчна Норвегера Нохчийн Кегийрхойн Юкъараллан.
Дукхах болу Швецехь дахар нисделла нохчий дIатарбелла Малмоь гIалахь. Марш Радион корреспондент Эрсно Казбек хилира цу Балтин хIордаца Iуьллучу вайнахана баха аьхна хетачу гIалахь.
Нохчашлахь шуьйра яьржина а, езаш а йолчу Ватсапп кампанино хаза кхаъ баржийна: хIинцачул тIаьхьа цу программехула дIасакхоьхьуьйту хаамаш а, до къамелаш а цхьанна а къайлахчу сервисашка дасталур доцуш, дIакъевлина хир ду.
Нохчийн мухIажиран берех байракх а еш...
Малхбузехь Iедало шайн доьзалийн Iуналла деш хиларо паргIат баьхна цхьаболу нохчийн дай.
Венера полици толлуш ю, нохчийнкхиазхой лаза а беш, цу гIалахь хилла латар. Нохчийн Австрерчу диаспоран жигархочо Матуев Джамбулата дийцарехь еза чевнаш хилла нохчийн кIант арваьккхина реанимацера. Хилларг политикаца дуза а, къаьмнашна юкъара конфликт санна лара а мегар дац бохуш дуьйцу цо.
„Зударий доза доцуш“ цIе йолчу дуьненаюкъарчу цхьаьнакхетаралло дуьххьара Венехь дIайолийначу „Наной экстремизман дуьхьал“ проектан уггаре а кхиаме декъашхой хилира нохчийн зударий. Дуьненаюкъарчу зударийн дийнахь церан сий деш, даздарш дIадаьхьира Австрин доьзалан министралло а, „Зударий доза доцуш“ цхьаьнакхетаралло а.
Арсашца а, ирйинчу дечигехий, эчигехий динчу герзашца а чIагIбелла, даханчу Шоьта дийнахь нохчийн кхиазхошна тIелатар динчу овхIанхойн хьокъехь талламаш дIахьош ю Венера полици.
Венехь иттех нохчийн кхиазхошна тIелатар дина 60 герга стагах лаьттачу тобано. Уьш дукхах берш ОвхIанистанера нах бара бохуш дуьйцу эшам хиллачара. Арсаш а, довганаш а етташ, нохчийн берех леттачу зуламхоша ворхI кIантана чевнаш йина, царах шиъ реанимацехь ву.
Латар-До - нохчийн, японхойн латаран кепийн синтез.
Юза кхин а