Маьрша Европа / Маршо Радио
Маьрша Европа / Маршо Радио
        <ttl>60</ttl>        
"Бенойн бIаьсте"? ...Ткъа рогIехь муьлхачу тайпан "бIаьсте" ю?
            <description>...ТIоьхула хьажча, хаза ду Нохчийчохь, ловзарш а ду Iедало дIакхоьхьуш кест-кеста. Деношкахь хинйолчу «Бенойн бIаьсте» фестивална кечлуш ду Нажи-Юртан лаьмнаш а, мохк а.</description>
Журналист Дудуев Iабдулла - Думе кандидат
            <description>Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думе кандидат чIагIвина Нохчийчоьнан цIарх харжамийн комиссино «Дош» журналан коьртачу редакторан гIовс Дудуев Iабдулла. «Яблоко» парти ю иза хьалхатетинарг. Иза воцург массех кандидат ву Нохчийчоьнан цIарх пачхьалкхан парламентера меттигаш къовсуш.
Касьянов Михаила полице арздина
            <description>ПАРНАС партин лидеро Касьянов Михаила полице арздина шена Ставрополехь тIелатарх лаьцна. Цо доьху шен дахарна кхерам боссорна а, шена конституцино харжамашкахь дакъалаца елла бакъо йохорна а дуьхьало яр Iедале.
«Дождь» телеканало даржийна, Пачхьалкхан Думин депутатна Зубов Андрейна тIе а тевжаш,  Ставрополехь «Континент» олучу хьешан цIенна хьалха 30-ттех стагах йолчу тобано тIе а еана, политик шен харжамхошца къамелдеш Iаш, маьттаза маьхьарий а детташ, маситтаза тоьхна Касьяновна, тIера коч а ятIош. Ткъа нахаца къамел дина иза ваьлча, хIоаш диттина цунна тIе, боху Интерфаксо.
Москохца барт карийна Хонкарна
            <description>Шемара тIом берзо а, бахархошна гIодеш а гуш болу некъаш цхаьбосса бу Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а аьлла кхаарийдийнахь Хонкаран цIарх цигарчу арахьарчу гIуллакхийн министро Чавушоглу Мевлюта.
Шемех доьзна ондда механизм кхуллуш ю Москох а, Хонкара а, бохура дипломато президентийн Путинан а, ЭрдогIан Реджепан а шинарийдийнан Петарбухара къамел дирзича. Амма Чавушоглус билгалдаьккхира, Оьрсийчоь Шемин президентехьа Асад Башарехьа елахь а, Туркойчоь цунна дуьхьал ю, аьлла.
Стохка туркоша Оьрсийчоьнан тIеман кема дохийчхьана эгIначу шина пачхьалкхана барт карор бу, дош делла Путина а, ЭрдогIана а. Амма иза дац Хонкара Малхбузенца гамъелла бохург, элира Чавошоглус. Туркоша Вашингтоне шайга дIавалар доьху бахначу баттахь шайн махкахь карчамбан гIоьртинчийн коьртехь ву аьлла шаьш лору стаг.
Гюльмендехь тIемаш бу тIалибашца
            <description>ОвхIанистанан къилбанерчу Гилмен провинцин коьртачу Лашкар ГIахI гIала кхаарийдийнахь эскар оьзна мехкан Iедало, иза тIалибаша яккхарна кхоьруш. Оцу лаьттан губернаторо Iатал Керима дIахьедина, шайн шахьар гонехь ю, Iедалан ханаш юхадевлира тIалибашка хIаллак ца дайта, аьлла.
Ткъа хIинца, цо бахарехь, гIоьнна кхаьчначу керлачу ницкъаша дIакъевлина гIаличу боьлху некъаш, оцу бахьанийца кхачан мехаш Лашкар ГIахIехь лакхабевлла. Iамеркан а, овхIанистанан а кеманаша ракеташ етташехь, тIалибаш ларабелла провинцин шахьар а, кхин цхьа гIала ГIармсер а гоне лаца. Иштта тIемаш бара боьлхуш кхаарийдийнахь провинцерчу Наде-Iали гIалина гонах а.
Пачхьалкхан дай: багахь - мерза, дагахь - чаьмза.
            <description>Кху деношкахь социалан машанехь «Яблоко» партин векало Митрохин Сергейс бусулба дин емалдеш динчу къамелаша карзахбаьхна, къаьсттина ГIалгIайчуьра хьаькамаш.</description>
Кху дуьненна веззал оьзда вуй-те хьо, сан Ваша!
            <description>Нохчийн дуьххьара мухIажирш Европе баьржачу шерашкахь, хIора махко шен векалш дуьхьал а оьхуьйтуш, дIалехьабора уьш. Дог лозура тIемаша дакъаза баьхначех.</description>
Iаламо бохьучу баланашца ма-хуьллу къийсало Нохчийчоь
            <description>Кхушара санна дукха догIанаш дилхина дага а ца догIу цхьаболчу къаношна. Къаьсттина алсам  йочанаш лаьттина нохчийн лаьмнашкахь. Уьш бахьнехь дукха меттигаш ю чутеккха а,хIусмашна зенаш дина а,тIайш-некъаш дохийна а. Алсам зенаш динчех цхьаъ ю Нажай юьртан кIоштара ярташ.</description>
Сим-карташ арахь ца дохкуьйту Нохчийчохь
            <description>Телефонийн сим-карташ Iедалан тергамза, долахой дIаязбина а боцуш, ца дохкийта рейдаш ю Нохчийчохь дIахьош. Полицино бинчу хаамца, 30 сов стаг лаьцна уьш арахь духкуш. Ткъа меттигерчу бахархоша тоьашаллаш до, шайна иза криманал юйла ца хаара, бохуш. Оьрсийчоьнан низамо доьхку паспортан билгалонаш дIа а язъянза стеган долахь сим-карта хилар. Амма сим-картанаш хIумма а хала дац арахь махбечу нахера эца, бохуш леткъамаш бо полисхоша.
Оцу картанех пайдаоьцу экстремисташа, бозбуанчаша аьлла хета полисхошна. Оршоьтадийнан рейдо Соьлж-ГIалахь базаршкахь, туканашкахь даьхна 100 сов маьршша духку сим-карта.
Лецначарна таIзардан лерина ю полици. 
Евробертан санкцийн тептаршка ваьлла Оьрсийчуьра ши вахархо
            <description>Европан берто санкцийн тептара язвина кхин а шиъ Оьрсийчуьра вахархо – гIезало Вахитов Айрат а, нохчо Бютукаев Аслан а, уьш «Исламан пачхьалкх» олучу тIеман тобанийн агIончаш а лоруш.
И хаам бу Евробертан официалан журнало зорбане баьккхина. Иштта Iамеркан Штаташа а ву и ши стаг бахначу баттахь дуьйна шен и санначу тептартIе язвина.
Пакистанерчу адвокаташа протест кхайкхийна
            <description>Кветта гIалахь иттаннашкахь шайн накъостий байинчу Пакистанерчу адвокаташа болх сацош протестан болам кхайкхийна. Лоьраша бинчу хаамца, 60-70 адвокат кхелхина хьалхо цабевзачара герз диттина лазийна, леш воллу Кветтерчу адвокатийн ассоциацин куьйгалхо чувиллинчу дарбан цIийне гулбелчарна юкъа а воьлла,  цхьана стага ша-шен эккхийтича.
Зулам «Исламан пачхьалкх» олучу тобанаша шаьш дина аьллехь а, иза шеконехь ду, яздо Пакистанерчу зорбано. Ткъа билгал ца даьлла муьлхачу ницкъийн лаамца дина эккхийтар. «Лазарех цIанбала баьхкинчу нехан хIусамехь зуламдийриг мел къиза, адамаллах хаьдда хила веза», - элира шинарийдийнахь Исламабадехь мехкан Лакхарчу кхелан цIенна хьалха хIоттийначу протестан акцехь Пакистанан прокуроро Iела Iаштара.
Кремлца юкъаметтиг цIеначу меттера йоло лаьа ЭрдогIанна
            <description>Туркойчоьнан президента ЭрдогIан Реджепа дIахьедина, шен мохк Оьрсийчоьнца «вуно башхачу юкъаметтигийн муьре» болу, шина мехкан юкъарлонаша регионан пробемаш кхочуш а ян некъ а боккхур бу, аьлла. Президентца Путинца цхьаьнакхетале шинарийдийнахь Петарбухахь дира цо и къамел. Стохка гурахь Оьрсийчоьнан тIеман кема туркоша дохорца юкъаметтигаш йоьхчхьана вовшашна гина вацара ши куьйгалхо.
Кремло йохк-эцарна кхайкхийначу санкцеша 87 процентна лахдина Оьрсийчуьра дIалелачу туристийн терахь. Путинца цхьаьнакхетале элира ЭрдогIана, шена Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш цIеначу меттера юхайоло лаьа, массех секторехь юкъарлонаш а даржош. «И гергарлонаш хир ду  тIеман, экономикан, синбахамаллин агIонашкахь», - аьлла туркойн президенто ТАСС агенталле. Малхбузенца Хонкаран юкъаметтигаш мелла а шелъеллачу юкъанна ду Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а лидерийн цхьанакхетар.
230 стаг а вуьйш, шайн махкахь карчам кечбарна бехкевен стаг дIавоьху туркоша Iамеркан Штаташка, ткъа Вашингтоно далаза ду жоп хIинца а.
Муьлш бу Кадыровца гIант къовса хIуьттурш?
            <description>Карарчу хенахь Iораяьхна парламентан а, мехкан куьйгалхочун а гIанташ дIалеца лаамболчу кандидатийн цIераш, жигара баьккхина харжамийн комитето шен болх а.</description>
Марсхьокху-беттан 6-гIа де: Соьлж-ГIала яккхарх дагалецамаш
            <description>20 шо хьалха нохчаша  Оьрсийчоьнах шайн даймохк  мукъабоккхучу муьрехь Ацаев Салаудин могIара бIаьхо вара. Цо дагалоьцу оцу деношкахь инарла-баьчча Масхадов Аслан коьртехь а волуш Ичкерин эскаро дIаяьхьна операци.</description>
Оьрсийчоь Гуржийчоьнна тIелетта 8 шо кхочуш
            <description>Австрехь бехачу гуьржаша Марсхьокху-беттан 8-чу дийнахь билгалдаьккхина шайн махканна 8 шо хьалха Оьрсийчоь тIелатар. Венерчу церан бараме баьхкинера нохчийн а, кхечу къаьмнийн а векалш. Эрсно Казбекан видео.</description>
ХIун дан деза Нохчийчуьра медицина тоеш?
            <description>Нохчийчохь лоьраш дIабаьхна балхара. Кхеташ ду иза нахана дарбадар лакхадаккхархьама, нийсо ярхьама аьлла яьккхина гIулч ю Iедало. Шеко а йоцуш, хийцамаш оьшу, уьш оьшийла массарна а го.</description>
Нохчийчоьнан дарбан цIенош а, цигара лоьраш а
            <description>Нохчийчохь рогIехь балхах дохийна лоьрийн доккха дакъа. КIезиг нах шек бу иза дан а ца догIуш дина бохучух. Амма коьрталазам дIатебеш корта баккхар уггаре аттаниг ду, лоьраш хийцарх ца хийцало махкарчу медицинан хатI, аьлла хета хийцамийн хьокъехь къамел дечарна.</description>
Сесана боьдуш некъ бац...
            <description>Бутт гергга хьалха хиллачу тIекхарша тIай а дохийна, юьрта машен йоьдийла доцуш Iийначу Нажи-Юьртарчу Сесанахь меттахIоттош бу некъ, хаамбо Нохчийчоьнан некъийн министралло.  
9 чаккхарма некъ бу меттахIоттош. Белхаш берзо дош делла министралло кIиранах.
Иштта дохийна меттахIоттодезаш ду Сесанахь 48 цIа. Амма и юьрт хилла ца Iа тIокхамаша йохийна, къаьсттина зенаш хилла Нажи-Юртан а, Шуьйтан а кIошташкахь. Амма хилла гIо кIезиг ду, юьртахоша тоьшаллаш дарехь.
Кавказера "антитеррор"
            <description>«Кавказан Узел» газето далочу терахьашца, Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу кIиранах тIеман конфликтехь лазийна 4 стаг. Дагестанерчу Карамахехь дахначу кIиранан цхьана буса некъан ханна герзаца тIелеттачу наха чевнаш йина кхаа полисхочунна а, цхьана маьршачу вахархочунна а.
Иштта ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Баксанехь лаьцна 4 стаг, цара тIемалошна юучуьнца гIодеш хилла боху Iедало. Оццу бахьанийца 5 стаг лаьцна Дагестанехь а.
Оьрсийчоьнан паралимпахойн куьйгалхо оьгIазвахана
            <description>Оьрсийчоьнан Паралимпанкомитетан куьйгалхочо Лукин Владимира дIахьедина, доппингаш лелорна бехкейинчу шен пачхьалкхера спортхой-зIаьIапхой Рио-де-Жанейро ловза цабитар адамийн бакъонаш  луьра талхо ду, аьлла.
Оршоьтадийнахь пресс-конференцехь цо элира, ша дареш дало кийча ву доппингийн скандална ша жоп луш болу атлеташ герга а бац бохучух, шаьш антидопинган хьелаш дерраш а латтадо.
Кху беттан 7-чу дийнера 18-чу дийне кхаччалц хуьлучу паралимпан къовсадаларшка Оьрсийчуьра спортхой ца бита сацамбина, аьлла, кIирандийнахь дIахьедира дуьненаюкъарчу заьIапхойн олимпиадан президента Крэйвен Филипа. Iедалан гIоьнца спортхошна допингаш латтийначу пачхьалкхо дакъалоцийла дац Паралимпиадехь, элира Крэйвена.